(1)Бес-бесара ойланаш туьрсу тӀулгаша коьрте а, дагчу а
(2)Халкьо олу: «Хи дӀадоьду, тӀулгаш дуьсу».
(3)Иза доккха маьӀна долуш хӀума ду.
(4)ТогӀи чухула (охьа)догӀучу шовданан хи дац дуьрцург, дерриге а совнаха дерг, дош доцуш довш дерг ду.
(5)ТӀулгаш дац дуьрцуш дерш, тогӀешкахь Іохку.
(6)Дерриге а бакъдерг, сийлахь дерг, стагах къонаха веш дерг ду.
(7)Кху техь аса вовшахдетта гулдина тӀулгаш – уьш историн агӀонаш, доьналле адамаш, халкъийн уьйраш йу!
(8) И тайпа тӀулгаш вовшахтоьхча, царах хуьлу шатайпа бӀов!
(9) Вайн таханалерчу дахаран бӀов!
(10)Хlopa къонахчун кхетаман бӀов!
(11) Бакъду, и тайпа бӀов йутту тӀулгаш ахчанах эцалуш дац.
(12)Уьш гуллуш ду хьанал некъ буьллучу хӀopa стеган кхетамехь.
(13) И тайпа тӀулгаш алсам гулдаларе терра йу xӀopa стеган син бӀаьвнан локхалла, хазалла, ондалла!
(14) Стенах ю тту вай вешан дикцаран бӀов?
(15) Иза Іаламат исбаьхьа хир йу, массо хӀуман тӀехь нийса йуьттур йу ала-м хаац.
(16) Цуьнан ниссалла, ондалла замано зуьйр йу.(С.-Хь.М.Нунуев)