1. КӀайн, Іаьржа, можа - юьхь басца ца хоьржуш: нагахь хьо, дог цӀена, тешамашца вагӀаш, гӀийлачийн паргӀато ахьа дагца лехаш, адаман лааме ладогӀа гӀерташ, хьо оьшу суна (М.М.).
2. Нагахь тӀулг ахьа айаш, и хьуна кхеташ, цӀий Ӏанош хьо гӀертахь, хьан мерах догӀуш (М.М.).
3. Полларчий хӀаваэхь дегалуш кхерсташ, шовданан куьзганахь бес-бесар лепаш (М.Н.).
4. Къевкъинчу цу стигалахь цӀаьххьана йогӀуш, догӀанца мархаша хӀоттабош бода, лаьтта тӀе малх гучуболуш (М.І.).
5. Ламанан хотешкахь, кӀорнина тоьхча, дарлой, и лам бекаш, лоьмо мохь бетта (Б.С.).
6. Са мел долу хӀума буьйсанан бена доьрзуш, деньеллера суьйре.
7. Кхетам болуш, эсала берд бу иза.
8. Шадерг шен-шен метта хӀутту: малх хьожуш, олхазарша эшарш лоькхуш, жиманиг воккха хуьлуш, хи шен хорша охьаоьхуш, дитташа чӀенгаш этӀадош, хьун денлош... (М.М.)